ДИЦЛУР ДОЦУ ЦХЬАЬНАКХЕТАРШ
10.12.2018Могуш, парг1ат араволуш, И суьйренаш хьайн елахь,- Варий, доттаг1, дийна волуш, Хьайн ирс дац ма алалахь!». (I.Ш.Мамакаев)
Кху шеран декабрь беттан хьалхара де дагалецамийн хьокъехь, ирсечу дийнех цхьаъ хилла д1ах1оьттира. Шен маь1на доккха долуш цхьаьнакхетар дара х1ара. Хьалхарчу декабрехь сахьт долуш вовшахкхийтира тхо, нохчийн г1араваьлла, вевзаш волу Мамакаев 1аьрбин корматалла дага а йоуьйтуш, и вайн къомана оьшуш а, везаш а хилар билгал а деш, цуьнан 100 шо кхачар даздаран хьокъехь. Нохчийн литературехь дуьххьара 1аламан хазалла гайтинчу хьалхарчу яздархойх цхьаъ ву Мамакаев 1аьрби.
Ах сахьт далале схьагулбелира кхиболу хьехархой а, дешархой а. Тхо вовшахтухуш, къахьоьгуш яра школан кхиоран белхан куьйгалхо Кехурсаева Тоита. Цо схьахаийтира кхочушдан леринарг, ткъа цхьаьнакхетар д1адахьа кечамбеш дакъалецира библиотекан куьйгалхочо Саралиев Беслана а, цхьаьнакхетаран коьрта чулацаме г1уллакхаш кхочушдечех цхьаъ вара юьхьанцарчу классан дешархойн хьехархо Магомадов 1усман а. Гулбелчара цхьаммо а ца лечкъадора шайн хазахетар. Мамакаев 1аьрби, дага а лоцуш, д1аяьхьира оха мероприяти. Деза хьеший дина т1еийцира оха:Адиева Маликат 5-чу школан библиотекан куьйгалхо, Куразова Зарета № 3 йолчу гимназин библиотекан куьйгалхо, Эрзбиева Лузан 3-чу школан библиотекан куьйгалхо, Каимова Заира 3-чу школан библиотекан белхало.
Хазчу, исбаьхьчу, ц1енчу оьрсийн маттахь дуьйцура хьешаша шайн 1аьрбин хьокъехь д1аяьхьна мероприяти даггара хазахетта хилар, массо а х1уманна т1ехь кицанца я хазачу аларца масал а далош. Шен къомах, махках, ненан маттах дог лозий а.
Царна даггара баркалла аларца 1одика а йира оха.
Х1ора стеган дахарехь а хуьлу массарна юккъехь билгалваьккхина яздархо я поэт. Жимчохь дуьйна сан даго къобалвеш, суна дукхавезаш вара Мамакаев 1аьрби. Суна дика евза цуьнан кхолларалла, къаьсттина поэзи. Эдуарда музей йиллина аьлла сайна хезча дуьйна а яра со цига кхача лаам болуш. Цундела къаьсттина мехала дара тхуна Мамакаев 1аьрби дагалоцуш цхьаьнакхетаран хьокъехь вошахкхетар.
Мамакаев Iаьрбин ерриг кхоллараллех чекхболу шен Дахмахках, къомах болу дегалазам. Даймехкан дуьхьа вехаш ву цуьнан лирически турпалхо. Цуьнан ойланаш даимна Даймахках хьерчаш ю, ша вина мохк, Даймехкан 1алам, цуьнан адамаш хьоме ду цунна.